алам-маршалла ду шуьга лераме доттаг1ий!   Вайна массарна хууш ма-хиллара, карара 2023-г1а шо, – Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен Указца д1акхайкхина ду вайн Мехк-дас, Россин турпалхочо Кадыров Ахьма

25.05.2023

Салам-маршалла ду шуьга лераме доттаг1ий!

 

Вайна массарна хууш ма-хиллара, карара 2023-г1а шо, – Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен Указца д1акхайкхина ду вайн Мехк-дас, Россин турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзана. Цуьнан лаамна т1е а тевжина, тахана Соьлжа-Г1алин муниципальни к1оштахь д1айаьхьира «Берийн бошмашкахь нохчийн мотт кхиор а, г1арабаккхар а» темина лерина Соьлжа-Г1алин муниципальни кlоштан школал хьалхарчу дешаран системин белхахойн педагогикин хьаьттан баттахьлера конференци.

 

Конференцин коьрта 1алашо йара: Соьлжа-Г1алин муниципальни к1оштарчу школел хьалхарчу дешаран хьукматашкахь Нохчийн меттан шо д1адахьарехьахула бинчу белхийн жам1аш а деш, т1ейог1учу ханна а оцу хьокъехь дан леринчу г1уллакхийн лехамаш билгалбахар.

 

Цхьанакхетарехь дакъа лоцуш бара леккхара хьеший:

Россин Федерацин дешаран «Сийлахь белхало», Россин Федерацин журналистийн а, йаздархойн Союзан а декъашхо, телевизионни «Хаарийн б1ов» программа д1ахьош волу Даудов Хаважин Гилани;

Дуьххьаралерчу Президентан, Россин турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин ц1арах йолчу «Путь» (Некъ) ц1е йолчу телерадиокомпанин белхало Арипханов Ильясан Адам.

Нохчийн Республикан Правительствон школел хьалхарчу дешаран Комитетан «Дешаран а, кхетош-кхиоран а отделан» консультант Юсупов Зеламхан Медни, иштта кхин берш а.

 

Конференци массита декъах х1оттайелла йара, х1ора а дакъа шен чохь доккха масалла долуш дара.

 

Берийн бошмийн тоьлла белхалой билгалбехира Сийлахь кехаташца.

 

Конференци йерзош резолюци т1еийцира: «Дала мукъ лахь, кхин д1а а, ницкъ кхочучу барамехь, берийн бошмашкахь ненан мотт кхиорехьа, г1арабаккхарехь болу болх кхин а жигара боккхуш д1ахьур бу».